#Хаттар: Фатва: 13
Ассаламу lалайкум. Истихарат ламаз 2 ракаlат ламаз дуй, и мух до, мац до, дийцахьар аша?
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
-Истихарат бохург - lарбийн маттахь даг валар ду, масала: айхьа хlун дича нийса хир дарте бохуш хьай ойла хьевзича цхьаьнца даг волу-кх хьо, хlун дича нийса а воле хир дар-те оли, ткъа Истихарат ламаз даран маьlна иза Аллахlац даг волуш санна, цу Аллахlе товжар дукх, цхьана белхо хьой хьовзийча айхьа хlун дича нийса хир дар ца хууш ойланаш хьевзича Аллахlе даг волуш санна доьхукх ахь нийса долчунна, воле долчунна, дуьненахь эхартахь пайде долчунна тlенис вехь со оли, и ду цу ламази маьlна, тlаккха иштта долу даг валар воли дукх муьлхха, я хьенца даг валаралла.
-Истихарат ламаз дар суннат ду берриге lелам нахан гергахь.
Цунна далил - Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам аьлла-кх Истихарат ламаз ше асхьабашна lамочу хена: “...Цхьана белхо шух цхьаъ гlайгlане вичахь ши ракаlат ламаз дойла цо, фарза а доцуш...”. Бухари: 7390
-Истихарат ламаз хьанал долчу хlуманни бен деш дац, хьо дан гlерташ волу хьа гlуллакх хьанал гlуллакх дацахь, Дала хьанал дина гlуллакх и дацахь цунна Истихарат ламаз дийр дац.
-Истихарат ламаз деш дац нагахь хьо цхьа хьарам хlума дан гlерташ велахь, я кархlат долу хlума дан гlерташ велахь, я важиб долу хlума дит гlерташ велахь, я суннат долу хlума дит гlерташ велахь, иштта долчу хlумнашкахь Истихарат ламаз деш дац, хьарам дерг кархlат дерг цхьа а ламаз дан ца оьшуш дита дезаш дуй хаьа вайна, важиб дерг суннат дерг цхьа а ламаз дан ца оьшуш дан дезаш дуй хаьа вайна, делахь суннат долчу хlумнехь дийр ду масала: бес-бесар ши суннат цхьан меттехь нис делча, цу шиннах цхьаъ бен да аьтто нис луш ца хилча, цу шиннах хьалха муьлха дерг доккхур дар-те аьлла ойла хьевзича тlаккхам дер ду, амма суннат ламаз дича хlун дар-те я ца дича хlун дар-те аьлла Истихарат ламаз дер дац, я суннат марха кхебча аьлла а, иштта кхи дlа.
-Иштта Истихарат ламаз деш дац хьай ойла сецна йолчу хlуманна, нагахь ойла кхерсташ хилча, ойлано хьийзош хилча деш ду иза, масала: хlара хlума дич хlун дар-те, ца дича хlун дар-те бохуш ойла хьизаш долчу хlуманна деш ду.
Цунна далил - Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам аьлла: “...Цхьана белхо шух цхьаъ гlайгlане вичахь...”. Бухари: 7390
Цхьана белхо гlайгlане вича аьлла, цхьан балхан ше ойла сецна ялча ца аьлла, хlара хlума дийр ду ас аьлла ойла сецнехь цхьа хlума дан, тlаккха Истихарат ламаз дийр дац цу хlуман.
-Иштта Истихарат ламаз дер дац цхьа хlума дич хlун дар-те я ца дича хlун дар-те аьлла еккъа шеко кхолла еллер аьлла, масала: дlа вижич хlунд дар-те ца вижич хlун дар-те аьлла ойла кхол елча Истихарат ламаз дер дац, иштта хlум яар делахь я кхи делахь башхалла яц, хlунд аьлча Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам хьадисехь аьлла-рг: “...Цхьана белхо шух цхьаъ гlайгlане вичахь...” ду, ойланаш яш, гlайгlне веш долчу хlуманни бен деш дац.
Цунна далил - Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам ше дахарехь дуккха хlумнаш, дуккха гlулкхаш кхочуш ма дина, делахь цхьа а меттиг бац Цо Истихарат ламаз дор аьлла Ша гlайгlане винчу балханни бен.
-Истихарат ламаз дан мегар ду хьо цхьана балха хотта гlерташ велахь, я зуда яло гlерташ велахь, я йоl ша маре йоьдуш елахь, я цхьана деша хуттуш велахь, я цхьана кхечу махка воьдуш велахь цхьана гlулкхан, иштта и санна долчу белхашна дан мегар ду.
-Цхьа болу lелам наха муьлхха хьай суннат ламаз дича, масала: делкъа ламазан хьалхар хьай суннат дича, цунна тlаьхьар Истихарат доl дич хьана кхачам бу аьлла, делахь иза нийса дац, нийса дерг - Истихаратан аьлла къестан цунна ши ракаlат суннат ламаз дар ду.
Цунна далил - Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам Истихарат дуьцучу хена къестан цунна ламаз дар хьахийна, тlаккха ахь кхечу хlуман дин долу ламаз цунна метта дlа ца нис ло.
-Тlаккха ше цхьа а бахьан доцуш долу суннат ламаз дан ца мегаш хенаш юкх, уьш:
lуьйра ламаз дича малх хьал баллалц
Делкъа ламаз хан хила цхьа 5 минот йисанч хена мол кхайкхалц
Малхбуз ламаз дича меркъаж хан хиллалц
Оцу хенашкахь цхьа а бахьан доцуш долу суннат ламаз дан мегаш дац, дисин фарз ламаз дан мегаш ду, ше цхьа бахьан долу суннат ламаз дан а мегаш ду, ше цхьа бахьан долу суннат ламаз иза, масала: lуьйр ламазан хьалхар суннат диснехь хьай ламаз дийр ду ахь, я маьждиг чу вахнехь цу хеншкахь хьай маьждиг хьурмат ламаз дийр ду ахь иштта и санна дерш ду ше цхьа бахьан долу суннат ламазаш, ткъа оцу хенашкахь дан мегаш доцург къестан ше цхьа бахьан доцуш долу суннат ду, ше цхьа къестан бахьан доцу суннат ламаз иза, масала: цхьа хан йоцуш ламаз дай ас суннат аьлла хьала гlеттан деш дерг ду.
Оцу хенашкахь дан мегар дуй Истихарат ламаз аьлча - нагахь ахь шена ламаз деш долу и хьа гlуллакх цхьа сих гlуллакх дацахь, масала: малхбуз хена цхьа гlуллакх тlе lотта делла, цунна жоп дала дезаш ву хьо, я цхьа йист яккха дезаш ву хьо, делахь меркъаж хан хиллалц ахь собар дича тlехь дуьсуш хlумма дац хьан, иштта хьолехь собар дийр ду и мегаш йоцу хан чекх яллалц, амма меркъаж хан хиллалц lа йиш йоцуш сих гlуллакх ду, хlиццехь жоп дала дезаш, иштта хьолехь хьай ламаз дан мегар ду оцу мегаш йоцу хенахь а.
-Нагахь сихаллехь цхьа гlуллакх нис делла, амма ламаз дан аьтто болуш меттиг яц, гlуллакх хlицца сихаллехь дан дезаш ду, иштта хьал нис делча ламаз а ца деш деккъа и Истихарат дин ваьлча деш долу доl дийр дукх ше дагахь, куьгаш ца ойбуш, ша волчехь, ше дагахь и доl дийр ду.
-Истихарат ламаз дича гlан гина, гlенах и хlума ма де бахар, я де бахар бохуш дерг тергал деш хlума дац, наггахь нис дала тарам ло нийса дерг а, делахь иза вайна къасто хуар дац, гин долу гlан нийса дерг ду, я ахь цу хlуманна дукха ойланаш ярна ду, цун дела гlенан тlе тевжуш вац, къестина динехь мегаш доцу хlума делахь, Истихарат дича гlан гар ца гар тергал дийр дац.
-Истихарат ламазан куц иштта хир ду:
*Кхи долу муьлхха суннат ламаз санна ши ракаlат суннат ламаз дийр ду.
*Ламаз дlа доьхкуш дагахь ният хир ду Истихарта ламаз дан аьлла, багахь хlумма баха оьшуш дац, ният дагахь хила дезаш ду, иштта хьай дагахь ният долуш, багахь “Аллахlу акбар” аьлла ламаз дlа доьхкур ду.
*Тlаккха ши ракаlат ламаз дийр ду кхи долу муьлхха суннат ламаз санна, цхьа а башхалла йоцуш.
*Дуьххьарлер бисмал дешча “Къул йа аййухlал кафирун” доьшур ду, шозлогl бисмал дешча “Къулх” доьшур ду аьлла цхьа болу lелам наха, кхи болу lелам наха кхи аяташ билгал дина, амма и дерриг бух болуш дац, цхьа а хьадис дац цу хьокъехь Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам къестан цхьа сурат, я аят деша аьлла, я цо ша дешна аьлла, цун дела кхи муьлхха ламазехь санна бисмал дешча хьайна лууш долу сурат, я аят доьшур ду ахь хьайна лаахь, суннат ду иза кхи долу ламазехь ма хиллар, сурат я аят ца дешча а гал дала хlума дац, ламаз нийса хир ду.
*Тlаккха салам делча хlара доl дийр ду – “Аллахlумма инни́ астахи́рука биlилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва ас-алука мин фадликал-lазы́ми, фа иннака такъдиру ва ла́ акъдиру, ва таlламу ва ла́ аlламу, ва анта lалла́мул-гlую́б, аллахlумма ин кунта таlламу (кхуза ма кхеччана ше долчу гlуллакхан цlе йоккхур ю, масала: хьенех ас яла яр, я хьенехе со яхар, я со оцу балха вахар, я со оцу деша дlа хоттар, я са оцу метте вахар иштта кхи муьлхха ше долу гlуллакх хьахор ду иштта доцца, тlаккха кхи дlа дийр ду доlа) хайрун ли́, фи́ ди́ни́, ва маlа́ши́, ва lа́къибати амри́, факъдур-хlу ли́, ва яссирхlу ли́, сумма ба́рик ли́ фи́хlи, ва ин кунта таlламу (юха а кхузахь ше долчу гlуллаккхан цlе йоккхур ю лакхахь санна, тlаккха кхи дlа чекх доккхур ду доl) шаррун ли́, фи́ ди́ни́, ва маlа́ши́, ва lа́къибати амри́, фасрифхlу lанни́ васрифни́ lанхlу, вакъдурлиял-хайра хьайсу ка́на, сумма ардыни́”. Бухари: 1162
Цхьа болу lелам наха салам далле, атхьиг дешан ма велан, куьгаш ца ойбуш дийр ду аьлла хlара доlа, делахь воле дерг салам делча дар ду.
Цунна далил - Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам хьадисехь “...Цхьана белхо шух цхьаъ гlайгlане вичахь ши ракаlат ламаз дойла цо, фарза а доцуш, цул тlаьхьа олийла цо (аьлла кхи дlа цунна деш долу доl дlа дешна цо)...”. Бухари: 7390
“Цул тlаьхь олийла цо” аьлча цо гойту иза ламаз динчулла тlаьхь деш хилар.
*Иштта lарбийн маттахь дийр ду хlара доl, lарбийн мотт хуъчо а, ца хуъчо а, цунна гочдин долу маьlна деша мегар дац, иштта ша ма дарра lарбийн маттахь дан деза.
*Доlа ши куьг хьала айбин дийр ду, кхи долу доl ма дарра дlа долош Аллахl хьаста вина, тlаккха Пайхамарна салават диллина, масала: “Алхьамдулиллахlи раббил-lа́лами́н, вассала́ту вассала́му lала́ расулиллахl” аьлла тlаккха и лакхар доl дийр ду, и дин ваьлча юха а Пайхамарна салават дуьллар ду кхи долу доlнехь ма диллар, масала: “Ва саллаллахlу lала́ набиййина́ Мухьаммад, ва lала́ а́лихlи ва асхьа́бихlи ажмаlи́н”, я кхечу кепар шена лууч куцехь башхалла яц, амма доl дина ваьлча тlаьхьар фатихьат доьшур дац, иза бидlат ду, я куьгаш юхь тlе хьоькхур дац, доl дин ма велан ши куьг вахь хецач хьана кхачам бу.
-Цул тlаьхьа Истихарат ламаз дича хьай хьал девзуш волу, хьуна бала шегахь кхетам болуш волу, lилм долуш велахь кхи а дика хир ду, тешме волу цхьанца даг вер ву хьо, иштта гlуллакх дар са, муха хlун дича воле хир дар-те аьлла, тlаккха хьай ойла сецна долу, я хьай ойла тlе ягlан долу гlуллакх дан дlа долор ду ахь, масала: цхьана балха вагlа гlерташ ву хьо, вай лакхахь ма диццара Истихарат ламаз дой, тlаккха вай ма виццар шеца куьцаш долчунца дага воли, тlаккха хьай ойла цу балха вагlар тlе гlерташ елахь вагlа хьожур ву хьо, нагахь и болх хьуна дуьненахь а, эхартахь а пайде хир болуш, дик хир болуш, зе хир доцуш белахь Аллахlа цу балха дlа хотта аьтто бийр бу хьа, цига дlа хуттуш лело деза бахьнаш атта дийр ду хьуна,
нагахь хьа ойла цу балха ца вагlар тlе гlерташ елахь буьтар бу ахь иза, я цу балха дlа хотта бахьнаш лели ахь, делахь цхьац хlума дуьхьал долуш нис луш дац хьа цига дlа хоттар, я дlа хоттар нис ца дели хьа, тlаккха хаьа ду хьуна и болх хьуна дика ца хиларна Аллахlа хьа цу тlехь аьтто беш боци, иза масал дар вай далинарг, иштта лорар ду кхи муьлххачу хlумнехь, масала: зуд яло гlерташ Истихарат ламаз ди ахь, йоl реза ца хили, я схьа ял ялле цхьаъ гал даьлла юкъ меттиг юхи шуьшин, тlаккха хаьа ду хьуна и болх хьуна дика ца хиларна Аллахlа хьа цу тlехь аьтто беш боци, иштта йоl маре яха гlерташ елахь изза ду, иштта хьо цхьана деша дlа хуттуш Истихарат ламаз ди ахь, дага вели хьо цхьаьнц, делахь цига дlа хоттар нис ца луш дуьхьал даьлла иштта кхи дlа мел долчу хlумнехь а изза ду.